Loading...
You are here:  Home  >  Мнение  >  Current Article

Дахаран генаш

By   /  10.02.2017  /  No Comments

    Print       Email

Дахаран генаш

(Поэмин дакъош)

Г1ала яккха со ца воллу, —
Цул ч1ог1а ду адаман дог…
Ирчу дашца ца даккхалахь,
Тоьпе-м и ца даккхало?!..

Не11ий, неккъий ца харжарна,
Вайгара дуьйлу г1алаташ —
«Г1ант» а, «г1аж» а шениг харжахь,
Йоцчохь юг1у г1аланаш…

Къинхетам бу дахар латтош,
Ма гуо и д1абаьлла  де!
Къиза адам лаьтта даг1ахь,
Дуьне дагош, ер ю ц1е…

Лулахошкахь тезет  делахь,
Д1акъовла хьайн ц1ера той.
Б1ешарахь хьо зовкъехь вахарх,
Б1е цхьоллаг1чо-м  велхавой.

Дерриг дуьне даго г1ертарг
Ша вагийна дуьнено.
Дуьне ц1арах догуш  хилахь,
Вохвала ма г1ерта хьо!

Даймахкана, вайн халкъана
Ч1аг1о хилий х1отталахь.
Вайн дахаран беш совйоккхуш,
Цхьа-ши синтар дог1а  ахь.

Мостаг1 г1ийла ма хеталахь —
Г1ийланиг ву кхераме.
Доттаг1 осал ма хеталахь —
Цо дог лур ду хьуна шеен

Вуьзнарг вузо ма г1ерталахь —
Д1акхоллур ву хьо  а цо.
Вухавелларг вуха г1ортахь,
Т1аьххьара коч цунна  луо.

Оьг1азалла алсамйолий,
Наггахь сан дог  тохало:
Хууш вац кху  лаьттана
Нах боцу нах муха ло?

Гина суна: к1илло стага,
Шаьлта яккха дезачохь,
Мотт баьккхина, етташ  бага,
Хьоькхуш лергаш къарден  мохь.

Бийца дай цахиллачара
Дена доьхку нахалахь.
Мел ирча мотт лебарх цара,
Ахь дуьхьал ма бахалахь.

Цкъа а хьаша  ца ваг1ахь а,
Кхерчахь ц1е ма яйла шун!..
Тхаьшка хьаша вог1ур вацахь,
Ас-м сайн кхерч  д1абойур бу!

Пхьег1аш шорта хилар  ма дац
Комаьршаллин билгало:
Цхьа кад тоьу, буьзна хилча —
Комаьршонца ахь и  ло.

— Ирс, ахь х1ун до? Стенга доьду?
— Беркат долччу доьзале!
— Барт, ахь х1ун до? Стенга боьду?
— Ирс хиллачу доьзале!

— Беркат, алахьа, стенга доьду?
— Барт хиллачу доьзале!
Тхо кхоъ цхьаьний бен  мегаш дац —
Цхьаъ делча, тхо кхоь а ле…

— Мичахьа ду хьан ницкъ, кураллий? —
Ас аьрзоне хаьттира.
Шен ницкъ болу ши т1ам тоьхна,
Аьрзо хьалаг1аьттира.

Бертахь доьзал, маьрша Даймохк
Беца къонахчун  ши т1ам.
Бертахь доьзал — Даймохк  бацахь,
Адамех ца олу къам.

Къонахашна зама йоцуш
Хилла ма яц заманаш.
Замане ца ловзадойтуш,
Зама ловзо 1амалаш!

Къонах воцуш ваха атта
Хилла массо заманахь.
Атта дацарх, къонах хилий,
Тахна ваха 1амалахь!

Вага къонах оьшуш  хилахь,
Молханах хьо вагалахь.
Де кхоладеш, бода баг1ахь,
Хьо, нур хилий, къагалахь.

Массо ирсе волчу хенахь
Ирсе хила 1амалахь.
Каг а ца луш, хало лар а
Ду къонахчун амалехь.

Чинех уггар лакхарчарех
Ду хьуна, к1ант, — къонаха!
Цу чине хьо кхаьчна  вацахь,
Лахал, хьажий, гонаха!

Тулг1енашца д1авоьду хьо,
Ахь цхьа к1еззиг некадахь,
Къонах велахь, тулг1еш цоьстуш,
Дуьхьал г1олахь неканехь!

Вала санна, гуттар хала
Къонах хила, хьаха, ду.
Вала санна, гуттар хала,
Къонах хилла ваха ду!

Къонах вацахь, латта  хьоьшу —
Хьо цкъа а ца вахало.
Лекхчу лаьмнех  лекха — сийлахь
И ц1е хьуна наха ло!

Махкахь уггар тоьлла къонах
Шен к1анта ма вохаво,
Ледар кхиънехь, дуьхьалваьллехь,
И вуха ца тохало.

Мах а боцуш ас х1оранна
Цхьацца ага лур  дара,
Кхиъна ваьлча, эрна хилахь,
Кхо мах баккха цуьнгара.

Ц1е яьллачохь, к1елхьардоккхий,
Деса-дуьзна — бен ца деш,
Ламарочо ага дадош
Со хийлаза хилла  теш.
…Нахе вахча, гонах  хьожий,
Хадабо ас ц1ийнан  мах:
Чохь бер техкош ага долчу
Х1усаман мах бац, ма бах!

Уггар ч1ог1а лардан дезарг —
Йоь1ан эххьий, оьздаллий,
К1анте езарг ца ларъеллехь,
Д1ахаалаш, и веллий!

К1ентан яххьий, йоь1ан эххьий
Ма гойла д1адаьлла де!
Кхана уьш д1адовлуш  делахь,
Ца вехаш, со тахна  ле…

Ден ц1е йоцург Даймохк  боцуш
Висча санна хетало.
Ден ц1е, Даймохк боцуш  висахь,
Сох тешалахь, велла  хьо!..

Шен бер некхах ца дакхийнехь,
Нана эрна ехкина.
Ненан некхехь кхиъна воцчух
К1ант хир ма вац  махкана!

— Хьуна хьанал ю сан шура!
Хир юй ала хьан бакъо,
Хьайн к1ант г1аттахь, дуьне дагон,
Ц1е д1аяйа, х1орд  лакъо?

— Хьуна хьарам ю сан шура! —
Ала бакъо хир юй техьа,
Даймахкана ямарт  хилла,
Хьан к1ант валахь дуйнна т1ех?!

Невцах хьуна нуц  хир ма вац,
Хьан д1аяхнарг  йо1 яцахь!
Несах хьуна нус  хир ма яц,
Схьаялийнарг к1ант  вацахь!

Дуьнене цаэшавелларг
Иэшаво шен доьзало.
1ожаллех а цакхийринарг
Шен доьзалах ийзало.

Я воккханиг воккха а вац,
Я жиманиг жима а вац.
Эверестан, Эльбрусан баххьаш
Хьалха санна лекха  а дац…

Мегаш мел берш могаш  бацахь,
Ма вон хьал ду-кх доьзалехь!?
Могаш мел берш мегаш  бацахь,
Дуьне доха деза техь?!_  

— Сийлахь Нана! Хастам хьуна!
Берийн дуьхьа яьхна хьо!
Генахь хиларх, тхаьш мацделча,
Хьан комаьрша куьйгаш  го.

— Сийлахь Нана! Хастам хьуна!
Берийн дуьха яьгна  хьо!
Бодашкахь а серло  латтош,
Догу хьан комаьрша дог.

— Сийлахь Нана! Берийн къинна
Б1аьрхи хилла, ешна хьо!
Тхо — бераш ду-кх, Хьо  къанйинарш!
Къона латториш а — тхо!

Оьшшучулла сискал лора,
Иштта туьха лора Ахь.
Тхо ирсе ду, генахь хиларх,
Деган йовхо тхаьшна  лахь.

Нана, хьан юхь т1ера  хершнаш —
Уьш хьан берийн некъаш ду.
Хьан комаршой, къинхетаммий,
Хан мел ели, хьекъаш  ду.

Дог доллучохь корта болуш,
Корта болччохь хилча дог,
Т1аккха-м хуур дара вайна,
Хьан х1ун боху, хьан х1ун до.

Кху вайн Лаьттан рицкъа даа
Бакъо йоцу боьха нах,
Вайна дахар къахьдеш лела,
Куралла еш пхьоьханахь…

Деших вешин корта  бухкуш,
Бахам гулбо х1инца а…
Не1алт бахарх, кхето  г1ертарх,
Ца белла уьш  хийца а.

Жоьжахате сайн елхьара —
Уьш массо а волла  чу,
Вагош, воттуш,къайлаваккха
Вуха ца вог1уволлучу.

Харцой, бакъой къасто атта-м
Дуьне кхоьлличхьана дац.
Шийтта корта болу саьрмак —
Харцо яла туьгуш яц.

«Харцой-бакъой, — олу  наха, —
Биъ п1елг биллал меттиг ю!»
Ма бакъ дац и! Царна  юккъехь
Дийнна паналла  ма ю!

Эхь д1аэций, тхан дегнашна
Ямарт-ирча хьаг1 ма луо!
Ямартчарна ницкъ  ма лолахь,
Хьаналчарна д1овш ма луо!

Ма луо тхуна  къонахалла
Шаьшкахь йоцу божарий!
Ма луо тхуна  мехкарий а,
Ца кхоьрурш эхь  дожарна!

Тхан мехкарий, к1ентий  ирсехь
Дайл-нанойл совбахалахь!
Ирс луо царна, къовссуш даккхахь,
Ткъа сий-хастам — наха лахь!

Шен вешина ваша воцчух
Хьуна хир вац доттаг1а.
Хьайца хало екъна  вацахь,
Бекъий, кад ма ботталахь!

 Иштта ду дош! Турпалхочун
Дарже воккхуш, айво цуо.
Шаьлтаночул к1орга чов йо,
Чевнна хьовзабойту  муо.

Малхо санна, дашор  ду цуо
Башлам т1ера шийла  луо.
Къонах г1аттош, к1илло вожош
Долчу дашна меттиг луо!

Мотт шаьлтанал  ира хилар.
Толам лоруш хилла  дайн.
И шаьлтанал беха болчух
Цу Дала лардойла вай!

Дешал, х1ара 1ийжам-илли,
Б1аьрхин хьаьркех доьттина.
Ду уьш сан б1аьрхин ц1ийх хилла,
Къовса, лата г1евттина…

— Ц1ийца цхьаьна  б1аьрхиш ийна,
Весет ду сан: кхана  лахь,
Ц1ий хуьйдинчу вайн лаьмнашкахь
Ц1ий ма 1анадайталахь!..

Сийлахь Нана! Уггар  дезчех
Х1ара жовх1арийн  кочар а,
Адам кхолла, кхаба  хьуьнар
Долчу хьуна кхочура!

Уггар сийлахь ц1е ю — нана,
Маьлхан нуьрехь къегарехь…
Уггар сийлахь къонах дош ду
Вайн ц1ердешнийн  легарехь!

Чинех уггар лакларачарел
Хилла даим Къонах-чин!
Цуьнга кхача хьуьнар  делахь,
Сий ма дайа вайн нохчийн!

…Йоккха-топ яц ас кхоьссинарг…
Кхоьссинарг ду буьрса дош!
И т1ехтилахь, гур ду хьуна,
Сайн шаьлтан т1е  ас ка хьош!

Ахьмад Сулейманов

Оьздалла — иштта,
Тешам, комаршо…
Доттаг1алла,
Вошалла,
Къонахалла — кхачалур а доцуш…

Оцу кхачано хьан са даиманна а
Ц1ена, сирла, маьрша, тешаме, къинхетаме,
Могаш
Латтор ду.
Д1аоьций аш синна  кхача кечбан рецепт?

Т1аккха
Ахь а,
Ас а,
Оцо а кхиийнчарах  хир бац
Наркоманаш,
Питанчаш,
Малончаш,
Дазадуурш,
Дезадуурш,
Дазадухурш,
Дезадухурш —

Веччалгаш.
Д1аоьций аш, нах, сан  рецепт?
Вайн синошна оьшуш  болчу кхачанан рецепт?

—  Оьцу.
—  Баркалла…
Вай ц1анлур ду…
Вай ц1ена а, ц1ина а хир ду…
Вай доьлхучу 1алашоне д1акхочур ду…
Вай даккхийчу г1уллакхашна
Дуьненан къонахий кхуллур бу!

Эльбрус Минкаилов

Источник: Кавказ Центр

Чечен Инфо

    Print       Email

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *