Loading...
You are here:  Home  >  Мнение  >  Current Article

Имарат Кавказан Нохчийчоь Вилаятан муджах1идашка болу КХАЙКХАМ

By   /  12.07.2015  /  Комментарии к записи Имарат Кавказан Нохчийчоь Вилаятан муджах1идашка болу КХАЙКХАМ отключены

    Print       Email

Имарат Кавказан Нохчийчоь вилаятан муджах1идашка болу КХАЙКХАМ

Бисмиллах1и-рахьмани-рахьийм!

Алхьамду лиЛлах1и робиль 1аламийн, вассолату вассаламу 1ала Рассулуллах1и Мухьаммадин ва 1ала алих1и ва сахьбих1и ажма1ийн.

Ассаламу 1алайкум, тхан бусалба вежарий.

Х1ара кехат ду арахь болучу шун бусалба вежаршкара, Имарат Кавказан низамехь а болча.

ВаЛлах1и, вежарий, шу дукха а ма деза тхуна, шух дог ма лозу тхан, Аллах1е шу доьхуш до1анаш а ма до оха. Шугахь йолу г1елалла, аш Аллах1ан некъат1ехь хьоьгу бала-хало цагуш, цахууш а ма дац тхо. Шуна тхоьгара а, нохчийн къомера хуьлуш долу г1о-накъосталла вуно к1еззиг дуй а ма хаа тхун.

Бехк т1ера боккхуш ца боху, х1ета а, цунна ша-ша бахьанаш ду. Тахана Нохчийчохь, нохчийн мотт а буьцуш, шаьш бусалба ду а бохуш, кафиршна г1о деш, ма дарра аьлча-б1ешарашка вайна т1ехь къизалла латтош болу г1азкхий зударий а хилла, лелаш болу манкурташа бусалба нахана т1ехь латтош йолу къизалла дуьненна а гуш ю. Оцу Делах йовлачу путинан йовсаршна дика хаа нохчашна йукъехь да-нана, йиш-ваша, бераш дезар-ларар мел ч1ог1а хила ду а. Цундела уггар хьалха цара хьийзош берш и г1ийла нах бу — х1аллкбеш, ницкъ беш, ц1енош дагош. Оцу къизалло нах 1адийна. Шу ца дезаш, шух дог ца лазар дац шуна нахера шуна г1о ца кхачар.

Тхоьгара шуна хуьлу г1о-накъостал к1еззиг хиларан а ду ше бахьанаш. Уггар хьалха иза ду — кху арахь болу, цхьан хенахь т1амехь дакъ а лаьцна, юха цхьацца бахьанашца ара бевла болу неха вовшашца барт ца хилар. Шай-шай ц1арах джамааташ-тобанаш вовшех а тоьхна, цхьанна низаме а боцуш цхьаберш бу. Цара шаш «х1инци х1инци ц1а доьлху» — бохуш рекламан роликш йох. Оцунах 1ехалой наха цаьрга шайкай кховда йо, муджах1идашна лерина йолу. Цара барт ца хуьлийт, цара фитна а даржа до. Амма цера коьрта 1алашо — шаьш джихадан букъ тохар нахан гергахь д1а дайъа г1ертар ду.

Т1аккха, тахан долу хьал, т1еххьара хилла болу хийцамаш, Амир Хьамзата ИГ бай1ат дарца а доьзна, шуна довзийта ният ду тхан. Тхайна и ма гарра.

Кхо шо хьалха Шемахь бусалба нах хьала г1овтира, цигахь долу бусалба нахана ницкъ беш долу 1едал дохо. Джихад д1акхайкхийр. Кхечу махкашкара дукха бусалба нах царна г1онна бахара. Юьхьанца муджах1идай дика кхиамаш бара — 1алавиятай 1едалах парг1ат йехира дукха ярташ, г1аланаш, даккхий латтанаш. Дерриг дуьненчуьра бусалба нах бакхий беш, хаза хеташ бара. Х1унда аьлча, вай Пайхамара, Аллах1ера салам маршал хийла цунна, хьадисашкахь бусалба нахана кхаъ хуьлучу аг1ор йийцина йолу дела Шема. Цигахь къахьоьгуш ера дукха джамааташ. Шай доьнал , майрал гойтуш г1арабевла т1ом беш бара нохчийн а, кавказан а муджах1идаш. Дуккха а цигахь д1а а кхелхира. Аллах1а г1азот къобал дойла цера.

Амма кафирша а алсам баьккхира джамааташна юкъехь шаш беш болу фитне болх. Кхузахь ала дог1у, массийт йаккхий пачхьалкхий хьашташ-дезарш Шемахь вовшех тасдалар. Уьш х1ора а г1ертар шай-шай г1уллакх хьалха даккха. Тахана а и болх сецна а бац. Джамааташн юкъе д1адоладелир- вовшех ца кхетар, вовшашца ца безам хилар, т1еххьара а вовшех герз тохар а. Бусалба наха бусалбанаш байъуш фитна г1аьттар.

Ишта фитне хьал Шемахь долуш д1акхайкхийра цкъа ИГИШ, цул т1ехьа Халифат а. Дуккха а бусалба наха и хазхетарца т1еийцира. Х1унда аьлча, х1ора бусалба стеган деган 1алашо ю Аллах1 дош коьртехь а долуш Халифатехь ваха. Амма Шемахь а, кхечахь а йолу, кхийолу джамааташ реза яцар — шайх дага бевла а, шайца барт болуш а дина дац аьлла. Цул сов, х1инцалца муджах1идаш дагабовлуш, лаадуг1уш, лерам беш хилла болу баккхий 1еламнаха, джихадан шейхаша а къобал ца дира и. 1еламнаха к1еда-хаза насиха деш схьадийцир, далилаш дахкош, иштачу кепар Халифат кхайкхо шариатаца бух ца хилар. Амма, хан мел йолу а, бусалба нахан йукъехь долу фитна даьржаш д1адоьдаш ду-вовшех т1емаш беш. Шеко йоцуш ду, х1ара хьал бусалба нехан ницкъ г1елбеш, кафиршна ма деззар хилла д1ах1оттар. Ишта, муджах1идш боькъуш, тобанаш хуьлуш Шемахь долу хьал, кхечу махкара муджах1идашна юкъехь д1адоладелла — Афганистане, Маг1рибе, Самоли, т1аьххьара вайн Кавказе а. Х1инцалца бусалба неха т1ом кафиршца-муртадашца беш бара, х1инца фитна бусалбанашна юкъехь дирзина. Ишта хьал вайн умматехь т1ехьарчу массийта б1ешарашка хилла а дац.

Х1ара дуьйцу фитна доладелча, оха схьалаьцна аг1о – баккхийчу шейхашка, джихадан 1еламнахе ладог1ар, цара х1у боху хьажар, цара бохучонна т1ехь сацар. Вай Пайхамара,Аллах1ер салам, маршал хийла цунна, дош ду: «1еламнах сан верасаш бу»- аьлла. Оха буьйцураш х1инцалца джихадан байракхаш хилла лаьттина 1еламнах бу, амираш бу. Дерриг дуьнент1ера а, вай Кавказера а муджах1идаша лара а лоруш, цара бохуг къобал а деш хилла болу — Мухьаммад аль Макдиси, Абу Катада аль Филистини, Айман аз-Завахири, Мулла Омар, Сулейман аль Ульван, Хани Сибаи, Харис ан-Наззари иштта кхиниш а.

Тхайн къамел дерзош, оха шуьга хоуйту – шуна ма моьтта хьал дац шун кхайкхинчу оцу «халифатаца». Шуна ма моьтта дац а «халифатан» г1оьнчи цуьнан гуонах аййина йолу г1овг1а. Ма дарра альча, дукха а бакъдоцу х1уманаш ду шуна. Хьал кхечу кепар ду шуна.

Оха доьху шуьга: шаьш динарг 1еламнахах дага а боьвла, цара 1илманца бин сацам боллуш, бух а балийна х1ум делахь, тхуна а иза довзийта, Дала мукъалахь нийсонна т1аьхь соцур долуш ду тхо. Амма аш ИГИШАН бай1ат дар деккъа цара яьккханчу ц1арна «ХАЛИФАТ» бахьнина делахь-Валлах1и Шемахь 1алавиташца болу т1ом г1ел ма белла, дукхох болу т1ом циг1ахь йолча бусалба тобанаш вовшех беш ма бу, масал г1ойтуш ИГИШ ма ю. Вайн Кавказехь а цара и т1ом, керастанца т1ом бан ара боьвлачу муджах1идашна юкъ берзор кхерам ма бу. 1еламнаха бохучуьнга ладог1ар т1аьх ду вайна массарна а, цара Аллах1а бохарг довзарехь дукха къа хьегна, уьш къоргера кхета бусалба дино бахчух. цара бохург къобал а дина схьаиэцар т1ахь ду вайна. ВалЛах1инор къахьегарах тоам ма бац-Аллаха бахча некъа т1аьхь, вай хьоьгаш долу къа, нийсачу некъа т1аьхь ца хилахь, Аллах1а ма бах:

«Баккъалла а, моттаро хьалха ца доккху бакъдолчух х1умма»

[Сурат 10. Юнус, аят 36].

Ца хаар аьлча а къелхьара довла некъ ма бац, Аллах1а аьлла дела:

«Аша хатта жайнан /хьахоран/ ох1лунга шаьш ца хууш делахь»

[Сурат 16. Накхармозий, аят 43].

Уьш бу 1илма хууш берш, вай дац. Аллах1а Шен Къуранчохь бах:

«Буй ткъа цхьатера ткъа шаьш хууш берш а, шаьш хууш боцурш а?!»

[Сурат 39. Ж1уганащ/Тобанаш, аят 9].

Аллах1а Ша реза волчу новкъа нис дойла вай.Цу новкъахь,гал ца долуш,д1адаха иман,собар, ницкъ лойла Цо вайна.

Ассаламу 1алайкум варахьматулЛах1и ва баракатух1у.

Чечен Инфо

    Print       Email